"Марша да хьо, керла шо!"
27.12.2023Марша да хьо,Керла шо,Дела дикнах теша тхо,Беркат,маршо тхуна йохьуш,Дохьуш ц1ена сирла ло!
Марша да хьо,Керла шо,Могшалла йохьуш Нохчийчу,Тхан ойланаш парг1ат йохуш,Йовхо юьллуш дегнаш чу!
Марша да хьо, Дог1у шо,Дохьуш дарба диц дан во,Чевнаш ерзош,хьостуш дог,Дахар тадеш,хоттош ког!