НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ!

25.04.2024

Оханан беттан ткъе пхоьалг1ачу апрелехь  №22 йолчу «Зезаг» ц1е йолу берийн бешахь д1айаьхьира нохчийн маттана лерина мероприяти . И де даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь, стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу. Мотт - вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна йу.